Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Мархин бутт лерина

Кху деношкахь доккха хазахетар хилира ширачу Зумсахь бехачу юьртахошна.‭ ‬Уьш болчу хьошалгIа районан администрацин куьйгалхо Темирбулатов Хьамзат коьртехь волуш районера векалш баьхкира.‭
Олуш ма-хиллара,‭ ‬куьйгаш ластийна а,‭ ‬деса хабарш дийца а ца баьхкинера уьш.‭ ‬Беза Рамадан бутт лерина,‭ ‬Зумсарчу юьртахошна сагIийна шекар а,‭ ‬дуга а,‭ ‬даьтта а деънера цара.‭
Берриге‭ ‬а‭ ‬бусулбашна‭ ‬дезачу‭ ‬Рамадан‭ ‬деношкахь‭ ‬шаьш‭ ‬лерина‭ ‬шайн‭ ‬куьйгаллин‭ ‬нах‭ ‬бахкарна‭ ‬а,‭ ‬иштта‭ ‬бахархошна‭ ‬оьшу‭ ‬сурсаташ‭ ‬дарна‭ ‬а‭ ‬доккха‭ ‬баркалла‭ ‬элира‭ ‬цара.‭ ‬Районан администрацин куьйгалхочо‭ ‬Темирбулатов Хьамзата шен вистхиларехь билгалдаьккхира:
‭ – ‬Вайн Дала лийрина еза хан ю Рамадан бутт.‭ ‬Ваьш бусалба хиларе терра,‭ ‬цуьнга лерам бан декхарийлахь ду вай а.‭ ‬Хууш ма-хиллара,‭ ‬кху баттахь массо а дикачу хIуманца совдовла деза вай а.‭ ‬Вовшашца гIиллакхе,‭ ‬оьзда хилар вайн къоман коьрта амал ю,‭ ‬ткъа кху безачу баттахь вовшашца собаре,‭ ‬вовшашна гIо-накъосталла дар‭ ‬а‭ ‬тIехь ду вайна.‭ ‬Зумсой-Эхкана тIай туьллуш аш къахьегар а,‭ ‬Дала алссам мел лур болу дика гIуллакх ду.‭ ‬Дала марханаш кхаба а,‭ ‬уьш зен-зулам доцуш даста а аьтто лойла шуна а,‭ ‬вайна массарна а.‭ ‬Юьртахоша дийцарехь,‭ ‬юьртахь цхьа а туька а,‭ ‬я оьшу хIума схьаэца а меттиг яц кхеран.‭ ‬Кхузахь бехачара баттахь цкъа кира схьадан машен лоций,‭ ‬охьа боьлхий юург-мерг оьцу шайна.‭ ‬Уггаре а оьшу сурсаташ дара‭ ‬районан куьйгалхочо‭ ‬Х.Темирбулатовс кхарна деанарш.‭ «‬Дала сагIа дойла‭»‬,‭ – ‬даггара элира цара.‭
Р.Ризванов

chechnya-itumkali-marhinbut1

chechnya-itumkali-marhinbut2

chechnya-itumkali-marhinbut3

chechnya-itumkali-marhinbut4

You can leave a response, or trackback from your own site.

Добавить сообщение

Введити сумму: *

Чечня