Кху деношкахь доккха хазахетар хилира ширачу Зумсахь бехачу юьртахошна. Уьш болчу хьошалгIа районан администрацин куьйгалхо Темирбулатов Хьамзат коьртехь волуш районера векалш баьхкира.
Олуш ма-хиллара, куьйгаш ластийна а, деса хабарш дийца а ца баьхкинера уьш. Беза Рамадан бутт лерина, Зумсарчу юьртахошна сагIийна шекар а, дуга а, даьтта а деънера цара.
Берриге а бусулбашна дезачу Рамадан деношкахь шаьш лерина шайн куьйгаллин нах бахкарна а, иштта бахархошна оьшу сурсаташ дарна а доккха баркалла элира цара. Районан администрацин куьйгалхочо Темирбулатов Хьамзата шен вистхиларехь билгалдаьккхира:
– Вайн Дала лийрина еза хан ю Рамадан бутт. Ваьш бусалба хиларе терра, цуьнга лерам бан декхарийлахь ду вай а. Хууш ма-хиллара, кху баттахь массо а дикачу хIуманца совдовла деза вай а. Вовшашца гIиллакхе, оьзда хилар вайн къоман коьрта амал ю, ткъа кху безачу баттахь вовшашца собаре, вовшашна гIо-накъосталла дар а тIехь ду вайна. Зумсой-Эхкана тIай туьллуш аш къахьегар а, Дала алссам мел лур болу дика гIуллакх ду. Дала марханаш кхаба а, уьш зен-зулам доцуш даста а аьтто лойла шуна а, вайна массарна а. Юьртахоша дийцарехь, юьртахь цхьа а туька а, я оьшу хIума схьаэца а меттиг яц кхеран. Кхузахь бехачара баттахь цкъа кира схьадан машен лоций, охьа боьлхий юург-мерг оьцу шайна. Уггаре а оьшу сурсаташ дара районан куьйгалхочо Х.Темирбулатовс кхарна деанарш. «Дала сагIа дойла», – даггара элира цара.
Р.Ризванов








Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


29/06/2015 



Теги: 









