И тема ястарна лерина дара ЧIиннахан маьждиган имама Азимов Абу-СаьIида кхузарчу школерчу берашца дIадаьхьна цхьаьнакхетар.
– Сайн бераллехь хезна ду суна, жимчохь Iамийнарг тIулга тIе яздина йоза, ткъа воккха хиллачул тIаьхьа, хи тIе яздинарг, олуш, – долийра шен къамел Абу-СаьIида. – Шу тахана кегий ду, амма кхана, даккхий хилча, шайн бух бевзаш, шаьш схьадевлла меттиг евзаш, цуьнан адамаш девзаш хила деза шу, хIунда аьлча, муьлххачу а меттиган хьал – адамаш долу дела.
ХIокху вай дехачу ЧIиннахан цхьа жимо меттиг ю Уьшкхаьлла. ГIазкхи Iедалан векалша шайн маттана атта доллучу кепара цIерш тохкуш дIаяздарна, йоккхучу ЧIиннахах Уьшкхаьлла хилла. Ткъа ЧIиннахан шен-шен куп хилла. Лакхахь ю Муьжи олург. ДIанехьо – БазантIе. Вай дай махкахбохуш цигахь бехаш 50 доьзал хилла. Лакха буххьехь ю БIойгитIе. Цу меттехь цхьана хенахь йиъ бIов лаьттина. Уьш туш а йолуш, царна гобаьккхина бехаш нах хилла. ХIусамаш тIулгех йина хилла церан.
ТIеваха аьтто боцучу, уггаре халачу меттехь еш хилла вайн дайша шайн хIусамаш. Цкъа делахь, мостагIчун аьтто ца хилла ишттачу метте хецна тIеван, шолгIа делахь, шерачу меттера метр, ши метр меттиг эрна юьтуш ца хилла, ишттачу лаьттан боккха мах хилла, хIунда аьлча, латта дуьйш-дерзош хиларна. Картолаш, хьаьжкIаш, гIабакхаш, хох-сарамсекх, хорбаз-паста кхиош, цунах бехаш хилла вайн дай. Лелош алссам даьхни а хилла церан. Даьхни Желашка олучу меттехь леладеш хилла, ЧIинхойн лома тIе хьаладуьгуш, шеран дукхах йолу хан цигахь йоккхуш хилла.
ЦIера дохоле хьалха, советан Iедал тIедеача, БIойгитIера бIаьвнаш йохийна, даккхий тIулгаш дIадаьхьна, залгIанаш тIаьхьа йисина. Тахана ЧIиннахан юкъ йолчу меттигах Точакхела олу. Кхузахь вехаш хилла Неси цIе йолу дика стаг. Цунах лаьцна дуьйцура Ахьман бохучу БазантIехь 38 шарахь туркх леллачу цхьана воккхачу стага. Цуьнан ден Шовлахан да Iиса вахана хилла Воккхачу хьаьжас кхайкхина. Iисас шеца вигина хилла Неси а. Iисина хьалха лаьтташ Неси а волуш, Хьаьжа массаьрга а ша бIаьрг тухуш а, шега схьа бIаьрг тухуьйтуш а чекхволуш, кху шинна тIекхаьчча. Леррина кхаьрга а хьаьжна, Хьаьжас аьллера бах:
– Воккха стаг, ахь бехк буьллур бацахьара, хIокху жимачу стеган куьг лоцур дара ас, воккха Iеламстаг хир волуш ву хIара, – аьлла, Неси куьг лаьцна Кунта-Хьаьжас. Баккъал а дакъа долуш а, жайни тIе цхьацца хIума, билгало хIуттуш а, кIорггера Iилма долуш стаг а хилла Неси. ЧIиннахахь иза молла кхайкхича, Зусахь хезаш хилла, олий, дуьйцура баккхийчара. Ша кху дуьнентIера дIакхелхича, шен каш билгал ма даккха аьлла, шен каш билгал ца даккхийтийна цо, амма Точакхеларчу кешнашкахь дIавоьллина ву иза.
Дехьа Iуьллучух Генакхела олу, тIаккха Данкхела ю, цул дехьа Барсукхи а, гуттар лакхахь Хьехакхела а ю.
Дуккха а Iилма долуш, дика нах бевлла ЧIиннахара. 1937-чу шарахь, Iедало дIалаьцна, хIаллакхбина Iеламнах а, къонахий болу нах а. Тахана маьждиг долчохь вехаш хилла Баби Iабдурохьман, дIанехьо Iазим-Хьаьжин Абубакар ваьхна, кхин а дIанехьуо Къосум ваьхна. Исраил бохуш хилла цхьа Iелам стаг, нах лийца Iедал деача, лакхахьа, хьаьжкIаш юккъе хьалавахана, къайлаваьлла иза. Жимма хан яьлча, хьаладаьхкинчу берашка хаьттина хилла цо, хIун деш ду Iедал вайн юьртахь, аьлла. Бераша лаьцначийн цIерш яьхча, царах къаьстина аса а дан хIума дац аьлла, царах дIакхетта, набахте дIавахана Исраил а. Царахь цхьа а юха а ца веана. ТIеман шерашкахь архиваш яьстича, уьш цигахь байъина хилар хиъна. Бакъдерг аьлча, шайна тоьпаш тухур юьйла хиъча, Iедална дуьхьало а йина, шаьш байъийтина хилла а олу царна.
Суна а дагавогIура Аюб бохуш воккха стаг. Хьаьжица лелла дукха нах гина а, бевзина а, дийца дуккха а хIума долуш а вара иза. Цхьацца волчо 120 шо а, вукхара 140 шо а ду олура цунна. Данкхелахь вехаш вара иштта дика стаг Ризван. Юсуп-Хьаьжа гина а, цуьнан къамел хезна а вара иза. Цу хенахь цаьрга дийцийта а, цара дуьйцург схьаэца а, дIаяздан а хьекъал ца тоьъна, хIинца байтамур хилла суна а. Цундела, бераш, шуьга бу сан кхайкхам, шайн мохк а, цуьнан адамаш а довзар, дезар, церан хама бар, – дерзийра Абу-СаьIида шен къамел.
ДIаяздинарг –Т.Саралиева







Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


14/09/2015 

Теги: 









