Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Бовза,‭ ‬беза шайн Даймохк

И тема ястарна лерина дара ЧIиннахан маьждиган имама Азимов Абу-СаьIида кхузарчу школерчу берашца дIадаьхьна цхьаьнакхетар.
‭ – ‬Сайн бераллехь‭ ‬хезна ду суна,‭ ‬жимчохь‭ ‬Iамийнарг тIулга тIе яздина йоза,‭ ‬ткъа воккха хиллачул тIаьхьа,‭ ‬хи тIе яздинарг,‭ ‬олуш,‭ –‬ долийра шен къамел Абу-СаьIида.‭ – ‬Шу‭ ‬тахана кегий ду,‭ ‬амма кхана,‭ ‬даккхий хилча,‭ ‬шайн бух бевзаш,‭ ‬шаьш схьадевлла меттиг евзаш,‭ ‬цуьнан адамаш девзаш хила деза шу,‭ ‬хIунда аьлча,‭ ‬муьлххачу‭ ‬а меттиган хьал‭ –‬ адамаш долу дела.
‭ ‬ХIокху вай дехачу ЧIиннахан цхьа‭ ‬жимо‭ ‬меттиг ю Уьшкхаьлла.‭ ‬ГIазкхи‭ ‬Iедалан векалша шайн маттана атта доллучу кепара цIерш тохкуш дIаяздарна,‭ ‬йоккхучу ЧIиннахах Уьшкхаьлла хилла.‭ ‬Ткъа‭ ‬ЧIиннахан шен-шен куп хилла.‭ ‬Лакхахь ю Муьжи олург.‭ ‬ДIанехьо‭ – ‬БазантIе.‭ ‬Вай дай махкахбохуш цигахь бехаш‭ ‬50‭ ‬доьзал хилла.‭ ‬Лакха буххьехь‭ ‬ю‭ ‬БIойгитIе.‭ ‬Цу меттехь‭ ‬цхьана хенахь йиъ бIов лаьттина.‭ ‬Уьш туш а йолуш,‭ ‬царна гобаьккхина бехаш нах хилла.‭ ‬ХIусамаш тIулгех йина хилла церан.‭

‬ТIеваха аьтто боцучу,‭ ‬уггаре‭ ‬халачу меттехь еш‭ ‬хилла вайн дайша шайн хIусамаш.‭ ‬Цкъа делахь,‭ ‬мостагIчун аьтто ца хилла ишттачу метте хецна тIеван,‭ ‬шолгIа делахь,‭ ‬шерачу меттера метр,‭ ‬ши метр меттиг эрна юьтуш ца хилла,‭ ‬ишттачу лаьттан боккха мах хилла,‭ ‬хIунда аьлча,‭ ‬латта дуьйш-дерзош хиларна.‭ ‬Картолаш,‭ ‬хьаьжкIаш,‭ ‬гIабакхаш,‭ ‬хох-сарамсекх,‭ ‬хорбаз-паста‭ ‬кхиош,‭ ‬цунах‭ ‬бехаш хилла‭ ‬вайн дай.‭ ‬Лелош алссам даьхни а хилла церан.‭ ‬Даьхни Желашка олучу меттехь леладеш хилла,‭ ‬ЧIинхойн лома тIе хьаладуьгуш,‭ ‬шеран дукхах йолу хан цигахь йоккхуш хилла.‭
ЦIера дохоле хьалха,‭ ‬советан‭ ‬Iедал тIедеача,‭ ‬ БIойгитIера бIаьвнаш йохийна,‭ ‬даккхий тIулгаш дIадаьхьна,‭ ‬ залгIанаш тIаьхьа йисина.‭ ‬Тахана ЧIиннахан юкъ йолчу меттигах Точакхела олу.‭ ‬Кхузахь вехаш‭ ‬хилла‭ ‬Неси‭ ‬цIе йолу дика стаг.‭ ‬Цунах лаьцна дуьйцура Ахьман бохучу БазантIехь‭ ‬38‭ ‬шарахь туркх леллачу цхьана воккхачу стага.‭ ‬Цуьнан ден‭ ‬Шовлахан‭ ‬да Iиса вахана хилла Воккхачу хьаьжас кхайкхина.‭ ‬Iисас шеца вигина хилла Неси‭ ‬а.‭ ‬Iисина‭ ‬хьалха лаьтташ‭ ‬Неси а‭ ‬волуш,‭ ‬Хьаьжа массаьрга‭ ‬а‭ ‬ша бIаьрг тухуш а,‭ ‬шега схьа бIаьрг тухуьйтуш а чекхволуш,‭ ‬кху шинна тIекхаьчча.‭ ‬Леррина кхаьрга а хьаьжна,‭ ‬Хьаьжас аьллера бах:‭
– Воккха стаг,‭ ‬ахь бехк буьллур бацахьара,‭ ‬хIокху жимачу стеган куьг лоцур дара ас,‭ ‬воккха Iеламстаг хир волуш ву хIара,‭ –‬ аьлла,‭ ‬Неси куьг лаьцна‭ ‬Кунта-Хьаьжас.‭ ‬Баккъал а дакъа долуш а,‭ ‬жайни тIе цхьацца хIума,‭ ‬билгало хIуттуш а,‭ ‬кIорггера Iилма долуш стаг а хилла Неси.‭ ‬ЧIиннахахь‭ ‬иза‭ ‬молла кхайкхича,‭ ‬Зусахь хезаш‭ ‬хилла,‭ ‬олий,‭ ‬дуьйцура баккхийчара.‭ ‬Ша кху дуьнентIера дIакхелхича,‭ ‬шен каш билгал ма даккха аьлла,‭ ‬шен каш билгал ца даккхийтийна цо,‭ ‬амма Точакхеларчу кешнашкахь дIавоьллина ву иза.‭
Дехьа‭ ‬Iуьллучух Генакхела олу,‭ ‬тIаккха Данкхела ю,‭ ‬цул дехьа‭ ‬Барсукхи а,‭ ‬гуттар лакхахь‭ ‬Хьехакхела а ю.‭
Дуккха а‭ ‬Iилма долуш,‭ ‬дика‭ ‬нах бевлла ЧIиннахара.‭ ‬1937-чу шарахь,‭ ‬Iедало дIалаьцна,‭ ‬хIаллакхбина Iеламнах а,‭ ‬къонахий болу нах а.‭ ‬Тахана маьждиг долчохь вехаш хилла Баби‭ ‬Iабдурохьман,‭ ‬дIанехьо‭ ‬Iазим-Хьаьжин Абубакар ваьхна,‭ ‬кхин а дIанехьуо Къосум ваьхна.‭ ‬Исраил бохуш хилла цхьа‭ ‬Iелам стаг,‭ ‬нах лийца‭ ‬Iедал деача,‭ ‬лакхахьа,‭ ‬хьаьжкIаш юккъе хьалавахана,‭ ‬къайлаваьлла иза.‭ ‬Жимма хан яьлча,‭ ‬хьаладаьхкинчу берашка хаьттина хилла цо,‭ ‬хIун деш ду‭ ‬Iедал вайн юьртахь,‭ ‬аьлла.‭ ‬Бераша лаьцначийн цIерш яьхча,‭ ‬царах къаьстина аса а дан хIума дац аьлла,‭ ‬царах дIакхетта,‭ ‬набахте‭ ‬дIавахана Исраил а.‭ ‬Царахь цхьа а юха а ца веана.‭ ‬ТIеман шерашкахь архиваш яьстича,‭ ‬уьш цигахь байъина хилар хиъна.‭ ‬Бакъдерг аьлча,‭ ‬шайна тоьпаш тухур юьйла хиъча,‭ ‬Iедална‭ ‬дуьхьало а йина,‭ ‬шаьш байъийтина хилла а олу царна.
‭ ‬Суна а дагавогIура Аюб бохуш воккха стаг.‭ ‬Хьаьжица лелла дукха нах гина а,‭ ‬бевзина а,‭ ‬дийца дуккха а хIума долуш‭ ‬а вара иза.‭ ‬Цхьацца волчо‭ ‬120‭ ‬шо а,‭ ‬вукхара‭ ‬140‭ ‬шо‭ ‬а ду‭ ‬олура цунна.‭ ‬Данкхелахь‭ ‬вехаш вара‭ ‬иштта дика стаг‭ ‬Ризван.‭ ‬Юсуп-Хьаьжа гина а,‭ ‬цуьнан къамел хезна а вара иза.‭ ‬Цу хенахь цаьрга дийцийта а,‭ ‬цара дуьйцург схьаэца а,‭ ‬дIаяздан а хьекъал ца тоьъна,‭ ‬хIинца байтамур хилла суна а.‭ ‬Цундела,‭ ‬бераш,‭ ‬шуьга бу сан‭ ‬кхайкхам,‭ ‬шайн мохк а,‭ ‬цуьнан адамаш а довзар,‭ ‬дезар,‭ ‬церан хама бар,‭ – ‬дерзийра Абу-СаьIида шен къамел.‭
ДIаяздинарг‭ –‬Т.Саралиева

chechnya-itumkali-daymohk

You can leave a response, or trackback from your own site.

Добавить сообщение

Введити сумму: *

Чечня