Кегийрхой кхетош-кхиорехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар хьакъ ма-дду кхочуш до Итум-Кхаьллан районехь. Цу декъехь беш болу болх лерринчу тергонехь латтабо районан администрацин куьйгалхочоТемирбулатовХьамзата.
Яртийн къедашца а, учрежденийн куьйгалхошца а шен хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь хаддаза дийцаре до цо вайн кегийрхойн дог-ойла маьршачу дахарна тIеерзо езаш хилар а, мало яр доцуш терроризмана а, вахIабизмана а уьш гена баха безаш хилар а.
Иштта кху деношкахь шайн юьртарчу зератан цIийнахь кегийрхошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира Уьшкхаьлларчу къедас Азимов Абу-СаьIида. ВахIабизман а, терроризман а хьокъехь дара цо дийцаре динарг.
– Вай лелочу динца цхьана догIуш дац вахIабизмин идеологино вайга схьакхийдориг, – бохура А.-С.Азимовс. – Юха а вайн махка тIом баккхар ю вахIабистийн Iалашо. Ур-атталла цхьана а хIуманна тIехь а царах тарбаларх лардала деза вай: духарца а, леларца а, хабарца а.
Иштта «терроризм» бохучу дешан маьIнах а кхетийра къедас гулбелларш.
– Шайн цхьа боьха Iалашо кхочушъярехь къахьоьгучу наха кортош а хьовзош, хийла хIаллак а байтина, бойтуш а бу вайн махкахь а, кхечу регионашкахь болу кегийрхой, – дийцира А.-С.Азимовс. – Тахана саццаза къахьоьгуш бу вайн мостагIий. ХIумма а вай оьшуш а, я вайх къахеташ а бац уьш. Коьртачу декъана Росси йохор ю церан Iалашо. Ткъа шаьш юьхьарлаьцнарг кхочушдарехь къаьмнашна а, динашна а юккъехь стим таса гIерта уьш. Делан къинхетамца, кху массийта шарахь цхьаьллиг цхьаъ харцачу новкъа ваьлла меттиг яц вайн районехь. Кхи дIа а вайн районан дикачу агIор цIе йоккхуьйтуш, шайн дас-нанас аьлларг деш, хьанал къахьоьгуш хила декхарийлахь ду шу. ТIаккха, цхьа а шеко йоцуш, тоьлуш хир ду шу. Шаьш муьлххачу метте дIакхачарх а, шаьш схьадевлла бух биц ца беш, оьзда доцучух а, хьарам долчух а лардала декхарийлахь ду шу. Иштта шу хилахь, шайн дай-нанойн а, юьртан а, мехкан а сий лардийр ду аша.
КхидIа а А.С.Азимовс кегийрхошца ша диначу къамелехь дийцира Интернетах хуьлучу зенах лаьцна. Нагахь санна цхьа хIума хаа лаахь, Интернете а ца кхийдаш, къедех а, дай-нанойх а дагабовлар тIедиллира цо.
Э. Давлетбаев








Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


05/09/2015 
Теги: 









