Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Мохк хазлуш, къам дебаш, дахар толуш

Белхан керла кIира дIадоладалар рогIера йоцучу кхеташонца дIадаьхьира Итон-Кхаьллан администрацехь. Администрацин актови зала чохь гулбеллачаьрга маршаллин дешнаш олуш вистхиллачу районан куьйгалхочо Темирбулатов Хьамзата билгалдаьккхира:
– Таханлера де беркате хиларан шеко яц вайн, кху дийнахь масех дезде цхьаьна деана. Вайн коьртачу шахьаран – Соьлжа-ГIалин 197 шо кхаьчна, тахана Кегийрхойн деза де ду, тахана вайн лерамечу хьехархойн а Де ду, тахана вайн республикин Куьйгалхочун а вина де ду. Дала тIаьхье беркате йойла вайн. Иштта беркате деанчу хIокху денца шу декъал а деш, суна ала луур дара, вайх къацахетарша, вайн мехкан коьрта гIала денъяла 50 шо оьшу боххушехь, Къилбаседа Кавказан гIаланашна юккъехь уггаре а тоьлла гIала хилла дIахIоьттина тахана.
Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьекъале политика а, динан кIорге а, дуьненан юкъараллица бийца мотт а карор бахьана ду вайн гIала саьлнашкара денъяларан.
Ткъа «ТIеман сийлаллин гIала» аьлла цунна хьакъ йолу цIе тиллар а вайн Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан беркатах ду. Вай дозалла дан догIуш, гонаха деха халкъаш вайх хьоьгуш долуш денделла, кхуьуш ду вай. Цхьа а шеко йоцуш, и кхиамаш вайн Куьйгалхочун де-буьйса ца лоруш шен мехкан, шен къоман доладан говзалла тоарх доьзна ду. Мел дукха шераш тIедетталахь а вайн къоман къона лидер хилла лаьттар ву Кадыров Рамзан! Юха а цхьа а шеко яц, иштта доьналла, хьуьнар, яхь йолчу стаге бен юхатохалур боцуш бала бара вайн махка боьссинарг – дуьненаюкъара экстремизм, терроризм, ваххабизм вайн махках шен метта-мотт бина денъяла дагахь яра, и башха кIант хьалхаваьлла, оцу саьрмикан корта ца баьккхинехь. Цул тIаьхьа цо кхочушдина дийцина ца валлал беркате гIуллакхаш ду. Вай даггара декъал во вешан Мехкан Да Кадыров Рамзан иза дуьнентIе ваьллачу денца!
Шуна а дагадогIу хир ду иза, 2000-гIа шо. Цкъа а юхаметтахIиттина де догIур дуй-те аьлла, вайна хеташ хилла, блокпостех, тIеман барзакъашца герзах боьттина нах ког баькх-баьккхинчохь болуш, кIентийн тезетех, нанойн бIаьрхих юьзна вайн республика хилла шераш.
Оцу хенахь Нохчийчохь Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу Комитет кхолларна куьг яздира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цо олура, нагахь вайн махкахь машар, низам дезаш вай делахь, кегийрхошна кхачаме долу дахар кхолла деза вай. Тахана вайн кегийрхоша шайна хьакъ доллу агIо дIалаьцна республика кхиарехь. Вайн кегийрхойн дуккха а кхиамаш бу дешарехь, культурехь, спортехь. Дала дебабойла вайн беркате кегийрхой. Ас даггара декъалбо вайн районера а, ярташкара а къонаниш.
Вайх хIораннан а дахарехь цхьа коьрта агIо дIалаьцна хьехархочо. Ала деза, вайн районера хьехархой а бац аттачу хьелашкахь болх беш. Амма царна девза шайн коьрта декхарш – тIекхуьу къона тIаьхье ийманехь, къоман гIиллакх-оьздангаллин баххаш тIехь кхио езар. Цунна шайн хаарш а, хан а ца кхоайо вайн хьехархоша. Соби, хьан цIарах вайн районера берриге а хьехархой шун корматаллин Денца даггара декъалбо ас. Дала собар, иман, кхетам лойла шуна, шун атта боцучу балха тIехь кхиамаш баха.
Кхин дIадолчу шен къамелехь администрацин куьйгалхочо дийцира районан куьйгалло а, белхахоша а, хIора а организацин, ведомствон, учрежденийн белхахоша а кхачаме агIор шайн болх хилийта кхочушдан дезарг.
Т.Саралиева
itum-kali-priem-grajdan-2015-02

itum-kali-priem-grajdan-2015-01

You can leave a response, or trackback from your own site.

Добавить сообщение

Введити сумму: *

Чечня