Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Лаьмнийн дендаларан юьхь

Схьахетарехь, шен дахарехь азанна дуккхазза а кхайкхина Iалхан-ГIаларчу маьждиган имам волу Ардашев Мохьмад. Мел дуккхаза иза кхайкхинехь а, аьтту агIор а, аьрру агIор а цуьнан мохь хезехь гобаьккхина лаьмнаш долуш ца кхайкхина иза кхул хьалха цкъа а. Маьждигал арахь цуьнан кхайкхаман тешаш хIара лаьмнаш а, со а бен доцуш, дерриг а шен деган кIоргаллера, синан хазаллера: «Хьай яIлал салат, хьай яIлал фалат…» – шина а лерга тIе дехкина куьйгаш а долуш, къевлина бIаьргаш а болуш, бусалбанаш ламазе кхойкхуш декара цуьнан башха аз. ХIинццалц юьхь тIе лета чуьрк-моза а, Iинна чуьра хьалахьокхуш хилла мох а, лахахь гIеххьачу резадацарца гIергIаш, тIулгаш тIехула чехкачу боларца кхийсалуш, Iена ТIерлойн-ахк а, «чIар-чIир» деш, кхузарчу хийцамех цецдевлла, тIемашца мох цоьстуш уьду олхазарш а дIатийнера оцу минотехь. Сан тергам хилира, масех яй кхехкош, декъачу дечигах «ткъарш» дарца маьрсаяьлла хилла цIе а тийна хилар, я аьчкан коьжалга тIехь кхозучу, гонаха башха хьожа яржош хиллачу яйшна кIелхьара хьалабоьду кIур сайна цагар а, я схьакхеташ хьожа цахилар а. Iалам а, адам а Сийлахьчу Везан Воккхачу Далла хьастадалан кечлуш дара. ХIара сийлахь, хIара еза миноташ кху 70 шарахь кхушара шолгIа яьхки кху лаьмнашка. Схьахетарехь, оцу минотийн теш хиллачу сан а, со санначу кхечийн а кхетам тоьур бац церан исбаьхьаллин, башхаллин мах хадон. Дала вайн къам дендаларан, дебаран, бусалба динехь чIагIдаларан юьхь йойла кхунах. Масех могIанехь 88 стаг хIоьттина рузба дира маьждиг чохь. Иза дIадирзинчул тIаьхьа кегийрхой стоьлаш кечъян арабевлира, ткъа мелла а баккхийнаш а, хьеший а тасбихьа доккхуш, салават дуьллуш, хIара мохк а, цуьнан адамаш а Деле доьхуш доIанаш деш севцира. И гIуллакх дIадирзина, маьждиг чуьра арадевллачул тIаьхьа, сан кхолладеллачу масех хаттарна жоп делира Iалима Межидов Салахьа.
– Салахь-хьаьжа, Дала къобалдойла рузба. Дала шен къинхетамца жоп лойла шун дехарш-доIийна. Тахана, рузбанан дийнахь, кху ТIерлойн лома кхаччалц шу хьаладахкаран хIун Iалашо яра?
– БисмиллахIироххьманироххьим. ХIара меттиг, ТIерлойн махкара Оьшна денъеш хьалхе йолчу наха Мусаев IалавдигIара, шайн махкахь рузба а дийр дара вай, иштта кху меттехь бусалба нах вовшахтоьхна, Делан цIе йоккхуш, беллачарна мел кхайкхош, цомгашчарна могашалла йоьхуш, сагIех кхеташ, Дела реза волу Iамал еш, хIара меттиг серлайоккхур яра вай аларан Iалашонца арадевлла, бахьанаш лелош ду-кх вай.
–70 шарахь молла кхайкхар хазаза долчу кху лаьмнашкахь, кхушарахь шолгIа рузба дина, тахана 90 стаге кхочуш, дIадаханчу рузбанехь 520 стаг волуш, 6 бIе сов стаг рузбанан ламазе хIуттуш. Оцу ниIматах хIун эр дара ахь?
– Делан гергарчу нахах волу, цхьа эвлаяъ хилла, шен чуьра араваьлла, цхьанхьа вахаваьлча, Дела цIе ца йоккхуш, ламазна хIоттал йолу меттиг а шен са кхуьуш, ца юьтуш. Нагахь иза иштта нисделча, юхавогIий, тIаккха Делан цIе йоккхуш, дIавоьдуш хилла иза. Цо олуш хиллера, шена ца лаьа, лаьтта тIехь ша ког баьккхина меттиг, шена Дела хьахийна аьлла, тоьшалла хIуттур долуш бен дита. Цунна тIедоьгIна аьлча, 70 шарахь кхуза стаг ца веънехь а, тахана, Делан пурбанца кхузахь вовшахкхетта, Дела хьахийна, рузба дар, Далла хьалха ял хиларал сов, хIара латта доккхадийр долуш а, хIара латта тоьшаллина хIуттур долуш а ниIмат ду-кх иза.
– Дела реза хуьлда.
Рузба дIадирзинчул тIаьхьа а кешнийн кертана уллохь кхиъначу кхуран IиндагIехь а, цу кIел меттиг ца кхаьчнарг юьхь йоттачу бовхачу маьлхан кIел а, зуькар деш, Делан цIе йоккхуш Iийна, дIасакъаьстира.
Ала деза, лаьмнашкара некъ вайзаманан техникаца баьккхинехь а лаьмнийн амал хийцина бац. Оцу некъахь Делан цIе ца йицъяларал сов, кхоьру, эрна вистхуьлуш, хан яйъа. Схьахетарехь, хIокху диканна 70 шарахь ларйина хир ю-кх Дала хIара меттигаш. Дала дебабойла вайн мохк.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан суьрташ

chechnya-mosque-itum-kali-chechens-DSC_0411

chechnya-mosque-itum-kali-DSC_0430

You can leave a response, or trackback from your own site.

Добавить сообщение

Введити сумму: *

Чечня