Лаам хилча, кхочуш ца далуш гIуллакх дац иштта жамI дира дIадаханчу пIераскана дийнахь ЧIинхахь (Ушкалой) дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.
Кхузарчу школехь гулбеллера районан администрацин куьйгалхо Темирбулатов Хьамзат коьртехь волуш районан организацийн, учрежденийн, ведомствийн куьйгалхой. Уьш юьрта бахкаран бахьана дара юьртахошца цхьаьнакхетар, церан лазамашка ладогIар, ницкъ кхочучу кепара церан хьашташ кхочушдар.
– Юьртарчу бахархошна шайн куьйгалхошна тIекхача болчу аьттонна Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца а, цо тIедилларца а нислуш ду вайн иштта шен-шен рогIехь районан ярташкарчу бахархошца цхьаьнакхетар, – гулбеллачаьрга маршалла а хоттуш, билгалдаьккхира районан куьйгалхочо. – Тахана шун таро хир ю шайна оьшург, хетарг, дича дика хин дерг ала а, цул сов, тхан балхах шайна ца товш дерг билгалдаккха а. Шуьга ладогIа кху чохь гулбелла Парламентан депутат волу А.Г.Радван а, муниципальни районан куьйгалхочун метта волу Х.Зулаев а, ОГ ВОГО и П Ханна йолчу отделан хьаькам Филимонов Николай а, меттигерчу администрацин куьйгалхо Ш.Дасаев а, иштта районерачу массо а службийн куьйгалхой а. Суна билгалдаккха луур дара, дIадаханчу цхьаьнакхетарехь ЧIиннахан вахархочо Осмаев ИбрахIиман дехар дара юьртарчу жамаIатан маьждигна а, ламазана цIенна а тIе ток йигахьара аьлла. Районан токан зIенан белхалойн (РЭС) гIо-накъосталлица и гIуллакх кхочушдина ала суна тахана юьхькIам бу. Сан дош РЭС-н куьйгалхочуьнга Хадисов Жалавдига ду, тIаьххьарчу хенахь, мацахлера дечиган токан бIогIамаш аьчкан-бетонан бIогIамашца хийца деза меттигаш алссам нисъелла вайн районехь. Кхеташ ду, иштта механа беза гIирс ма-луьу хила таро шун ца хуьлий а. Делахь а, ваьш куьйгалхой хиларе терра, Делан цIенна тIе серло ялорехь ницкъ кхочург а, цакхочург а дан декхарийлахь ду вай. Шуна иза хаарна а, и болх аша кхочушбарна а Дела реза хуьлда. Суна юха а билгалдаккха лаьа, кху ЧIинахара схьаьваьллачу Осмаев Мохьмада дина гIуллакх – кешнашна гонаха керт йина, ламазан цIа дина. Вайн къоман иштта яхь йолу кIентий хилча, вайн мохк кхин а хазлур бу. Дела реза хуьлда Мохьмадна а, и гIуллакх кхочушдиначарна а. Вайна юьхькIам а бу, царна ял а ю.
Масех шо хьалха ЧIиннаха хи далош бина цхьацца белхаш бара. Цунах лаьцна а, шайн эшамах лаьцна а элира юьртан вахархочо Салуев Майрбека.
– Тхуна дика гIуллакх хир долуш гIуллакх дара мацах «Интер-бизнесо» юьрта и хи далор кхоччуш чекхдаьккхина хиллехьара. ХIинца а цхьацца йолчу меттигашкахь хинан биргIанаш чуяхка яьхна саьнгарш дIа ца къовлуш йитарна, бахархойн етт-эса чудоьжна, лазийна меттигаш ю. И болх кхоччуш дика цабар бахьана долуш, хица балахьегар дIадалаза ду тхан. Цул сов, некъашца болу бала гIеххьа лахбелла тхан, тIулг боьхкина некъаш тодина, тракторо и болх бар бахьана долуш, тхуна а доккха гIуллакх хилла. Дела реза хуьлда и гIуллакх дарна.
Сайн лазамах а эр дара ас. Цхьа ледарчу меттига чохь Iаш ду тхо. дерриге а 11 адам. Шина кIентан а шайн доьзалш бу, амма шайн чохь Iен меттиг ледара хиларна, царна тхов тIекхетта, оцу Iаш болчу чохь бисарна кхоруш хуьлу со. ЦIа дан а аьттонаш а бацара. Цхьана кIентан доьзалехь лелош заьIап бер ду, важа кIант а хIинцца бен балха хIоьттина а вац, суна догIучу пенсех а, оха кертахь лелочух а сискалал сов кIезиг хIума долу. Иштта тхо Iаш долу 7 шо а дIадаьлла. ЦIенош де бохург а дац сан иза. Нагахь таро елахь, гIишлошъяран гIирс белла а, вайна юккъехь лела цхьацца программаш а ма яра, царна юккъе дахийтина а, цхьажимма аьтто бан хьажахьара аьлла, дехар а дара сан.
Юьртахочуьнга дика ладоьгIна, вистхиллачу Х.Темирбулатовс элира:
– Хих дерг, сайна хетарг эр ду ас. Вайн дай хьоста доккхий а, лаккхахьара хи тIедаладой а шайна мел хин болу а, нехан хьашташ кхочушден долу а гIуллакх деш хилла. ХIинца-м вай кхузахь хьалха санна дукха а дац вешан аьттонаш бан цхьацца корматалла йоцуш а дац. И бохург дац сан, хьалха санна кIудлаш эцна а, я IадтIе чийлакаш оьхкина а зударий хи тIе баха бохург. Амма вай тарх тIехь дехаш хиларе терра, лаьтта бухара хи даккха аьтто болу меттигаш кIезиг ю вайн. Цул сов, цхьа харж йина и болх байта безарал сов, даима а цунна хе латта деза, цунах пайдаоьцучаьргара ял гулъян еза, ткъа IаьнтIехь гIора ца яйта биргIанаш кIоргга лаьтта буха йохка меттиг бац вайн, тарх ахкалур боцу дела. Масала, сайна зеделларг эр ду аса, гIалитIахь цхьана баттахь вахархочо пайдаоьцучу хих 1-2 эзар сом дала дезаш хуьлу. Схьахетарехь, вайн иштта таронаш хир ю аьлла ца хета суна. Районан центр елахь а Итум-Кхаьллахь иштта белхаш база бу. Вайн шовданех пайдаэцар гIоле хета суна. Кхузахь оьшург I бIе метр биргIа бен хир яц. Иза оьцуш а, сайга далун накъосталла а дийр ду ас. «Центральни водоснабжени» бохург аьтто кIезиг болуш гIуллакх хир ду, цундела вешан таронех пайдаэца беза вай.
Майрбекан шолгIачу хаттарх дерг эр ду аса. Цхьамма а хIумма а дийца ца оьшуш, вай дерриш а грамотни нах ду. Вайн пачхьалкхехь а, цунна гонаха а хуьлу гIуллакхаш а, суна санна, шуна а девза. Вайн пачхьалкхан ницкъ малбан йолчу Iалашонца дуьненаюкъара ницкъаш цхьаьнакхетта вайна гIелонна цхьацца «санкцеш» яр а хаьа вайна. Иштта гIуллакхаш бахьана долуш, жимма юкъ ехка дезаш ду вай а. И дац Майрбекна а, и санначунна а гIо дан аьтто бац бохург, амма ма луъу ца нисдаларна кхоьруш боху ас. Кху юьртахь а, районехь а, нагахь жимма а гIо дан аьтто болу программа юкъаялахь а шу хьалхарнаш хир ду.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш вистхиллачу Парламентан депутата А.Г.Радвана элира:
– Тахана шу гина а, шуьга вистхила таро хиларна а воккхаве со. Ишттачу цхьаьнакхетарехь бахархойн хьашташ а девза, куьйгалхоша шайн декхарш кхочушдар а го. Хиллачуьнца дуьстича, вайн дахар дикачу хорша даларан теш ву со а. Шун кхиамаш вайн массеран кхиамаш хиларх цхьа а шеко яц. Россин нанойн Денца Итум-Кхаьллан районера зударий а, наной а даггара декъалбан лаьа суна. Дала маьрша дахар лойла шуна.
Н.Филимонов а тIе тайра А.Радванан дешнашна, цул сов цо элира:
– Шуна ма-гарра ГИБДД болх беш ю, дехар хир дара, некъан бакъенаш ларъяр. ГIуда а тоьхна и дIатакха гIертачул, ларвалар гIоле хир ду аьлла хета суна.
Т.Алиева








Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


03/12/2014 




Теги: 









