Хууш ма-хиллара, тIаьххьара хиллачу тIемаша нилха яьхна вайн районера бахархой бехаш йолу ярташ. Царах ю Гучум-Кхаьлла а. Кхузахь дохоза дисина 21 цIа а, царна чохь бехаш 90 бахархой а бу. Болх беш ю юьртан администраци а, маьждиг а, школа а. КIезиг белахь а, уьш ворхI бен-м вац, дешархой а бу.
Кху деношкахь юьртарчу школехь дIадаьхьира районан администрацин белхахошца юьртахой цхьаьнакхетар. Гучум-Кхаьлларчу юьртахойн лаамаш а, церан эшамаш а бовза а, ницкъ кхочучу кепара царна гIо-накъосталла дан а йолчу Iалашонца хилира и цхьаьнакхетар. Бахархойн лаамаш массанхьа а берриг бара. Амма Гучум-Кхаьллара бахархой мелла а халочу хьолехь бохку ягоргана аьттонаш кIезиг хиларна. Цунна тIе тидам бахийтира юьртахоша. Кхузарчу яхархочо Мухтарова Падама шайгара хьал довзийтира, цул сов, цуьнан хаттар а дара районан куьйгаллига, карарчу 2015-чу шарахь, Гучум-Кхаьлла газ ялоран гIуллакх тIаьхьа-хьалха даккхалур ду-дац?
Кхолладеллачу хаттарна жоп делира районан администрацин гIишлошъяран а, архитектурин а отделан хьаькама Махаев Юсупа. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира, юьрта газ ялорна лерина администрацис проектно-сметни документаш кечдеш цхьа билггала болх бина хилар. Ала деза, халахеташ делахь а, карарчу хенахь районан бюджетехь тоъал финансаш цахиларна, юьрта газ ялоран гIуллакх кхушара цхьалха ца долуш дисина хилар.
Кхеташ ду, гучумкхаллахой Iемина бу Iай-аьхка а ягоргана цхьацца мадар ян. Кхушара а цхьа доьгIнарг ца дича а бевр бац уьш. Шайн юрт а, дай баьхна мохк а дукхабезарна бисина кхузахь цхьа кIеззиг болу юьртахой, дукхахберш шайн цхьацца аьттонаш лохуш гIала а, кхечу меттигашка а дIабахана. И дика девза районан администрацин куьйгалхошна. Цунна тIедоьгIна дара, администрацин куьйгалхочо Темирбулатов Хьамзата аьлларг а:
– Хууш ма-хиллара, вайн хIора а ярташкара схьабевлла дуьненан аьттонаш болу нах. Цхьа генара доккха хьал а оьшур дацара Гучум-Кхаьлла газ яло. Оцу аьттонаш болчу нахалахь и гIуллакх, Дела дуьхьа дийр долуш верг ваьлча, боккха мел хир болуш а, адамашна аьттонаш кхуллур болуш а гIуллакх дара. Кхушара аьтто ца нислахь а, районан куьйгалло а тергамза дуьтур дац юьрта газ ялоран гIуллакх. Ницкъ кхочучу кепара цхьа аьтто нисбан хьовсур ду.
Л.Далилова








Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


06/07/2015 




Теги: 









