Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Долчух тоам беш

ДIадаханчу пIераскана дийнахь Кхокхадахь цхьаьнакхийтира Итон-Кхаьллан районан администрацин куьйгалхой а,‭ ‬оцу юьртан бахархой а.‭ ‬Цаьрца цхьаьнакхета а,‭ ‬церан ойланаш,‭ ‬лазамаш бовза а баьхкинера районан администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель волу Алхастов‭ ‬ВахIид а,‭ ‬депутатийн советан председатель Зулаев Хьамид а,‭ ‬ОГ ВОГО-н Чоьхьарчу гIуллакхийн ханна йолчу отделан хьаькам Черкашин Сергей а.‭ ‬Иштта кхузахь бара районан цхьацца йолчу учрежденийн,‭ ‬организацийн,‭ ‬ведомствийн векалш а.‭ ‬Цхьанакхетар дIадолош,‭ ‬маршаллин дош олуш вистхиллачу В.Алхастовс билгалдаьккхира:‭
– Вайн‭ ‬тIаьххьара‭ ‬хиллачу‭ ‬цхьаьнакхетарехь,‭ ‬27-чу‭ ‬февралехь,‭ ‬шун‭ ‬юьртахочун‭ ‬Юсупов‭ ‬Лечин‭ ‬лаам‭ ‬бевзира‭ ‬вайна.‭ ‬ОАО‭ «‬Межрегионгазе‭» ‬дехар дара цуьнан Итон-Кхаьллан районехула газ ягорна ял яла езачу терахьашца болх бан цхьа белхахо къастор.‭ ‬Схьахетарехь,‭ ‬вай хьалха а билгалдаьккхира и гIуллакх,‭ ‬хIара масех шо ду Шуьйтарчу‭ «‬Межрегионгазан‭» ‬векалша вай вешан телефонехула и терахьаш дIадахьийтичхьана,‭ ‬тоьуш.‭ ‬Цунах дукхахболчарна гIуллакх хилла,‭ ‬цунна вай дерриш а Iамадеза.
‭– ‬Газ хилар доккха гIуллакх ца хеташ дац тхо,‭ – ‬элира юьртахочо Аюпов Сайдана,‭ – ‬цо тхан дахар дикка аттача даьккхина,‭ ‬амма мелла а мах лахара хилча,‭ ‬товр долуш дара.‭ ‬И къамел дIадерзош,‭ ‬В.Алхастовс‭ ‬ билгалдаьккхира,‭ ‬бахархойх хIорамма а ша ягийначу ягоргах болу мах дIа ца белча,‭ ‬таханлера терахьаш хазахетар кIезиг дохьуш ду,‭ ‬хIунда аьлча ерриг республикехула лерича‭ ‬9‭ ‬миллиард декхар хилар товш дац.
‭ –‬ Газ а,‭ ‬ток а,‭ ‬вай туькнара оьцуш долу муьлхха а товар санна,‭ ‬шех мах бала езаш ю.‭ ‬Вайна и‭ «‬товар‭» ‬латточу нехан белхан ял дIаяла таро ца хуьлу,‭ ‬вайх хIорамма а вешан декхар дIа ца делча.‭ ‬Вай дукха а дац,‭ ‬дерриш а вовшашна девзаш а ду,‭ ‬декхарш цахилийтар дехар дара сан.‭ ‬Цул сов,‭ ‬вайн лаам царна бевзина.‭ ‬Бакъдерг аьлча,‭ ‬массанхьа а санна,‭ ‬кризис хиларна,‭ ‬гIоьртина ду шайна аьлла жоп делла цара.‭ ‬Цундела,‭ ‬хала делахь а,‭ ‬долчух тоам беш а,‭ ‬собарца а хила деза вай,‭ – ‬билгалдаьккхира В.Алхастовс.
Юьртарчу культурин цIийнан директора Мусаева Седас а дийцира,‭ ‬ша бечу белхан кIезиг аьттонаш болуш хилар.‭ ‬Иза доьзна ду хьакъдоллучу кепара кегийрхошца,‭ ‬берашца исбаьхьаллин болх дIабахьа таро йолуш меттиг цахиларх.‭ ‬Юьртарчу культурин цIенна лерина цхьа бегIийла чоь къастор дийхира цо.
Юьртан администрацин куьйгалхочо Адашев Мовсара довзийтира и гIуллакх ша тергаме эцна хилар.
КхидIа а цхьаьнакхетар дIахьош,‭ ‬В.Алхастовс билгалдаьккхира,‭ ‬республикин Куьйгалхочун‭ ‬Протоколан тIедиллар кхочушдарна оьшуш долу,‭ ‬районерчу‭ ‬29‭ ‬учрежденис билгалйинчу хенахь ЦЗН-на оьшу терахьаш дIадала дезар оцу учрежденийн куьйгалхойн декхар хилар.
Т. Алиева
chechnya-itumkali-toam1

chechnya-itumkali-toam2

You can leave a response, or trackback from your own site.

Добавить сообщение

Введити сумму: *

Чечня