Тахана Итум-Кхаьллан администрацин куьйгалхо Темирбулатов Хьамзат а, районан Чоьхьарчу гIуллакхийн отделан куьйгалхо Цабаев Ризван а, оцу отделан говзанча Юсупов Шамиль а цхьаьнакхийтира шайн белхан декхарш кхочушдеш, вайн республикехь низам а, къепе а дIахIоттош, шаьш шайн ца кхоош къахьегарехь кхелхинчу кегийрхойн наношца, хIусамнаношца, дайшца. Иштта цхьаьнакхетар даима а хала гIуллакх хилар а, таханлераниг цхьа къаьсттина хиларх дерг а элира шен къамелехь Х.Темирбулатовс: — Кхана схьадоьллуш, шен хазаллица вайн республикерчу коьртачу маьждиге кхочуш долу, Аргун гIалара Кадырова Айманин цIарах маьждиг ду. И Делан цIа схьаделларца доьзна, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан волчохь хиллачу кхеташонехь билгалдаьккхира, Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь дIакхелхинчу кIентийн дай-нанойн, доьзалийн дог эца, церан кIентий, дай биц цабалар царна дIахаийтар йолчу Iалашонца, сагIийна, А-Х.Кадыровн цIарахчу Региональни фондо цхьацца бIе эзар сом ахча даийтар. Оцу некъа тIехь дIакхелхина бу вайн районехь милицин белхахой хилла болу Мурадов Мовлади, Зулаев Хасанбек, Мусаев Руслан, Такаев Маьхьди, Дадаев Лом-Iела, Дадаев Iандарбек, Интишев Бекхан, Зузиев Ахьмад, Амиров Сайд-Хьасан, Мутаев ИбрахIим. Ваьш бусалба хиларе терра вайна хаьа, церан кхалхар а Делан лаамца бен хила йиш йоцийла, амма халахета, тешнабехкаца доьзна хиларна. МостагIашна бен башха а вацара жима а, воккха а, зуда а, стаг а. Вайна дика дагавогIу Зумсахь юьртда хилла волу Янгулбаев Iабдул-Iазим, тешнабехкаца, букъ тIехьашха герз тоьхна вийна волу. Вайна йиц ца елла, референдуман харжамийн комиссин председатель хилла йолу БугIарара Идразова ПетIамат, шен жимачу шина йоIна хьалхха тIе герз тоьхна йийна йолу. Дала гечдойла царна, Дала гIазот къобалдойла церан. Дала ийман долуш собар лойла церан дакъа долчарна. Дала къобал сагIа дойла Аймани Несиевнин а, Рамзан Ахматовичан а вайн балин, сингаттаман дакъалоцуш, даийтина хIара сагIа.
Тхуна вайн паччахьо тIедиллинера, кхин цкъа а шу вовшахтоьхна, шун дог эца, шу доьзалаш гIазотехь хиларх шун дог тешо, цундела вовшахкхетта вай. Кхеташ ду, атта дац шуна йирзина а йовлаза йолу чевнаш карлаяха, данне а атта тхуна а шуна дуьхьал а хевшина, къона а, хаза а, баха хан йолуш а хилла болчу шун кIентех дерг дийца а, делахь а дуьненан гIиллакхаш ду-кх хIорш. ТIейогIу зама вайн халкъана маьрша, паргIата хилийта шайн дахарш дIаделла кIентий, бицлург цахилар шуна дIахаийтар тIедиллина тхуна паччахьо.
Шен белхан накъостех дош элира Цабаев Ризвана а:
— Денна а шуна юьхь дуьхьал х1иттина ца латтахь а, шун к1ентий, тхайн белхан накъостий бицбина лелаш дац тхо. Тхо галдовлийтар долуш вайн паччахь а вац. Даима а шун хьашташка хьовса, г1о-накъосталла де, бохуш, т1едуьллу цо тхуна. Тахана а иштта шун дог эца йолчу 1алашонца, шуна бечу тергамца, тхо векал дина ахчанан саг1а шуна д1акхачо. Дала къобал дойла иза вайн паччахьан а, цуьнан ненан а. Шуна оьшучунна тхо накъостий а ду шуна, шуьгахь тхан телефонийн номерш а ю, шайна оьшург схьаалар т1ехь ду шуна, тхан ницкъ кхочург Дала мукъ лахь, хир а ду. Нагахь тхоьгара яьлла ледарло елахь къинт1ера а довла тхуна. Дала г1азот къобалдойла вайн вежарийн. Дала ийман ца духу собар лойла церан дакъа долчарна.
Цул т1аьхьа 1алима Азимов Абуса1ида до1а дира кхелхинчарна. Ткъа Х.Темирбулатовс д1аделира ахчанан конверташ а, б1аьстенан зезагийн курсаш а. Гулбеллачу нанойн а, х1усамнанойн а ц1арах йистхилира Янгулбаев 1абдул-1азизан х1усамнана Алдиева Лида:
— Дала саг1а дойла Аймани Несиевнин а, Рамзан Ахматовичан а ахчанан совг1ат. Дала Шен дуьхьа лийринчех дойла. Дала вайн махкана, вайн къоманна беркате дойла кхана схьадоьллур долу маьждиг а. Дела реза хуьлда шуна а, тхуна тергам беш а, тхо диц ца деш а долчу.
Гулбелларш д1асакъастале Республикин Куьйгалхочо т1едиллина цхьа дехар кхочушдира Х.Темирбулатовс:
— Шуна ма-хаъара, вайна т1ебеъна беза бутт Раджаб а, цунна т1ебог1у Ша1бан а, т1аккха Рамадан а. Вайн махкара беркат алсамдалийта, вай бусалбанаш хилар т1еч1аг1дарна, вайн ярташ, г1аланаш ц1анлуш, ц1инлуш гуш хиларна, вайга массаьрга а х1ара еза хан чекхъяьллалц йолчу заманчохь салаваташ дохкуш 1амал яхьара аьлла дехар ду вайга вайн паччахьан. Вайн махкана, вайн къоманна доккха совг1ат ду иштта бусалба куьйгалхо хилар. Дала мукъ лахь, ц1енчу ниятца вай иза кхочушдийриг хиларан сан цхьа а шеко яц. Кхана, Дала мукъ лахь, и башха Делан ц1а схьадоьллучу Аргун г1ала кхайкхинча даха кхузара д1айоьдуш машенаш а хир ю, дуучуьнца, молучуьнца цхьа аэшам а хир бац. Цига дахар вайна т1ехь ду.
Дала т1аьхье беркате йойла вайн.
Т.САРАЛИЕВА








Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


15/05/2014 






Теги: 









