Дала Шен Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхолларца базбина баийтинчу РаббиIул-Аввал батте даьхна вай Шен къинхетамца. Бусалбанийн берриге а мехкашкахь а санна, оцу беттан хьурмат а деш, Нохчийчохь а билгалдаьккхира Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де-буьйса.
Цунна лерина Iамал-Iибадат дIадаьхьира сийсара республикерчу бусалбанаша ерриге а ярташкахь, районашкахь, гIаланашкахь. Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь вовшахкхеттера вайн республикера а, Россин тайп-тайпанчу субъекташкара а, дозанал арахьара а бусалбанаш. Сийсара 11 сахьт ах сахьт даьлча дIадолийра цигахь Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна лерина Iамалш яр. Сарахь 6 сахьт даьлча дуьйна маьждигехь дIахIиттийна яра Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ассараш. Цаьрга хьовса аьтто хилира эзар-эзарнашкахь нехан. И еза буьйса бусалбанаша дIаяьхьира Къуръан доьшуш, АллахI а, Цуьнан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а хестош мовлад доьшуш, назманаш олуш, Деле доIанаш деш. Маьждигехь дечу Iибадаташкахь дакъалецира цIеяхханчу Iеламнаха. Цара дийцира Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу валарх а, цуьнан дахарх а, иза ваийтарца АллахIа бусалбанех бинчу къинхетамах а лаьцна. Iуьйранна 5 сахьт даьлча маьждиган хьалхарчу майданашкахь зуькарш дира тайп-тайпанчу вирдашкахь болчу бусалбанаша. Iуьйра ламазна молла кхайкхале хьалха, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де даздеш шатлакх кхоьссира.
Итон-Кхаьллан районера бусалбанаш а бара оцу даздаршкахь дакъалоцуш. Цигарчу тобанна хьалхаваьлла веанчу районан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Алхастов ВахIида билгалдаьккхира, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла хIара РаббиIул-Аввал бутт карабеачхьана дуьйна а дуьненчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а бусалбанаша санна, Итон-Кхаьллан районерачу бусалба наха а алсамдаьккхина Къуръан дешар, салаваташ дахкар, кхийолу Iамалш яр.
Дала диканца бекхам беш, Шен а, Шен Элчан а дуьхьа лорийла вайн Iамалш. АллахIа Дала бусалбан дин толош, Шен къинхетам бойла вайх. Дала тIаьхье беркате йойла вайн махкахь а, кхул арахьа а вайн Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дечу дерриге а дикачу гIуллакхийн. АллахIу Акбар!








Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


23/12/2015 


Теги: 









