Дешаран керла шо дIадолийна Итум-Кхаьллан районерчу бархI школо. Цигарчу 419 дешархочунна керла хаарш луш а, хьалха Iамийнарг карла- доккхуш а, тIечIагIдеш а къахьоьгуш бу районерчу школашкахь болх беш болу 77 хьехархо.
КIоштан дешаран декъан хьаькама Шахбулатова Собис дийцарехь, церан ницкъ кхечира хьалхара сентябрь тIекхачале районера школаш хьакъйоллучу ремонтах чекхъяха а, бераш тIеэца кечъян а, предметийн кабинеташ оьшучу гIирсашца, коьчалшца тIеюза а, дешархошна оьшу учебникаш школийн библиотекашкахь вовшахтоха а.
ХIинца коьртаниг дисина – берашна кIорггера хаарш далар а, уьш ийманехь, нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь, шайн Даймохк дукхабеза патриоташ а болуш кхиор. И гIуллакх а шайга далург хиларх а элира Собис:
– Со тешна ю, тхайн коьрта Iалашо кхочушъян тхан ницкъ кхочург хиларх. ХIунда аьлча тхуна а, вайна массарна а гуш ду республикин Куьйгалло, цIарца аьлча, Кадыров Рамзана дукха къахьоьгу вайн мохк токхе хилийтарна а, цуьнан бахархой цIеначу махкахь ирсе бахийтарна а тIехь. Юьстаха ца бисина республикин хьехархой а, баккъал аьлча тхан районан бахархой а. Цкъа а хир яц аьлла хетта йолу газ ялийна районе, кестта болх бан йолалур ю КхокхатIера ток йоккху станци, дийнахь-буса а некъаш дохуш, дерш тодеш къахьогуш го ницкъ болу яккхий тракторш. Дукха хан ца йисина дуьненахь а евзаш хир йолу лаьмнийн-лыжийн курорт Хьачаройн ломахь схьаелла а. И дерриге а диканаш республикин Куьйгалхочун цIарах доьзна хилар гуш ду.
Цуьнан тIедилларца дIадаьхьира вайн коьртачу шахьаран театрийн-концертийн залехь республикин хьехархой базбар а, царна лерина доккха дезде хIоттор а. Шен къоман къинхьегаман адамаш лоруш, царна тергам беш ша хилар а гайтира цо 90 шо кхаьчна Гугуев Ширванин масална тIехь, цунна «Нохчийн Республикин сийлаллин вахархо» цIе тилларца а, совгIат даларца а. Иштта «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» цIе тиллира Пайзуллаева Манашна а. «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» цIе тиллира Асхабов Iабдул-Iазизна а, Махмаева Маликина а, Махашева Яхийтина а, Ибрагимова Сепиятна а, Баламбаева Арузатна а. «Къинхьегамехь билгалбовларан» сийлаллин билгалонца совгIат дира хьехархошна Берзукаева Тамарина а, Вахабов Майрбекана а, Республикин Куьйгалхочун цIарах Сийлаллин грамоташ елира Цоев СаьIидна а, Какаева Индирина а. Иштта лаккхарчу сийлалле ца кхаьчнехь а, шайн могIара хьехархой уьш хиларна, уьш даггара декъалбеш, царах масал оьцуш, шайн декхарш лерина кхочушдеш бу районера хьехархой а.
Итум-Кхаьллан юкъардешаран школин директор Рабуев Альберт а, цигара хьехархо Батукаева Зайдат а, КхокхатIерачу школин хьехархо Хачукаева Марем а, ЧIантарчу юкъардешаран школин хьехархой Газгириева Айзан а, Батукаева Хьава а кхайкхинера республикин хьехархойн дезчу дийне. Республикин Куьйгалхочун декъалдаран дешнаш царна лерина а дара. Цундела, кхи тIе а шайн хаарш ца кхоош, къона тIаьхье кIорггера хаарш а долуш, кхетош-кхион йолчу ойланца юхабирзира уьш.
Дала аьтто бойла церан!
Т.Саралиева
Авторан суьрта тIехь: Дешаран а, Iилманан а министр И.Байханов хьехархошца.








Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


21/10/2014 

Теги: 









