Ц1е йолу х1орашеран конкурс д1аяьхьира Исаев Хьусайнан ц1арахчу Итон-Кхаьлларчу юкъардешаран школехь. Кхузахь дакъалоцуш бара к1оштан ерриге а школашкара векалш. Конкурс вовшахтохархоша дийцарехь дешархой а, церан хьехархой а лерина кечбеллера конкурсана. Башхачу ненан маттахь дийкира байташ йоьшуш, сценкаш х1иттош, хаарш талларан зерашкахь берийн аьзнаш. Церан хаарийн жам1аш дира лараман жюрин декъашхоша. Жюрин председатела, к1оштан администрацин куьйгалхочо Зулаев Хьамида шен къамелехь билгалдаьккхира, нохчийн меттан Дийнан сийлаллехь доьзна вайн халкъан дахар а, цуьнан генара а, вайзаманан истори а хилар. Иштта цо тидаме ийцира и де дахаре даккхарехь республикин Куьйгалхочо къахьегар а.
— Мотт бацахь къам цахилар девзачу вайн Куьйгалхочо, мел боккхачу гуламехь а нохчийн маттахь до къамел. Цунах масал эца хьакъ ду вай. Шаьш цу г1уллакхна тидам беш хилар а, цу т1ехь къахьоьгуш хилар а гайти вайн хьехархоша а, дешархоша а. Шуна доккха баркалла а олуш, ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан Денца!
Хууш ма-хиллара, муьлххачу а къовсамехь берриге а дакъалацархойх толамхой ца хуьлу. Амма конкурс д1аяьхьначу кху школин куьйгалхочун заместитела Рахмаева Яхас дийцарехь шен ненан мотт буьйцуш а, и безаш а верг цкъа а эшамехь хир вац. Жюрин декьашхоша довзийтира конкурсан чаккхенан жам1аш. Нохчийн маттана лерина » Бекалахь ненан мотт» ц1е йолчу конкурсехь 1- ра меттиг Гут1ерачу юкъардешаран школин дешархошна магийра.
2-чу меттехь бара Итон-Кхалларчу школин дешархой.
3-чу меттехь Ч1иннахарчу школин дешархой.
Шайн ненан мотт иштта дика хаарна, цуьнца уьйр- марзо ч1аг1ъярна даима ирсе хуьлда шу!