Даима а нохчийн къоман гIиллакхийн, ламастийн хьарма хилла лаьттинчу Итум-Кхаьллан районе кхаьчнера кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь кхоьллина культурин Кхеташонан куьйгалхо – Берсанов Хожа-Ахьмад а, декъашхой – Казаев Султан а, Абдулкаримов Адам а, Альтемиров 1арби а.
Кхузарчу Исаев Хьуьсейнан цIарахчу «Пхьакоч» музейн уьйтIахь вовшахтоьхнера кегийрхойн ловзар-синкъерам. ХIокху гIуллакхан Iалашо йовзийтира Итум-Кхаьллан районан культурин отделан куьйгалхочо Исмаилов ШахIруддис:
– ХIара гIуллакх тхан лерамехь селхана хила дезаш дара. Амма тахана Нохчийчохь контртеррористически операцин раж дIаяккхаран 5 шо кхочучу дийнахь нисдалар а Делан къинхетам бу. Махкахь лаьттина «конституцин къепе» дIаяккхаран, къам паргIатдаккхаран, вайн Куьйгалхочун алссамчу толамех цхьаъ хилар билгалдаккхаран а, вовшийн декъалдан аьтто хиларан гIуллакх а хилла кхунах. Цу тIедоьгIна, Дала тIаьхье беркате йойла хIокху дийнан, кхин тIейогIучу КТО-х Дала лардойла вай.
Цул сов, районера кегийрхой – кIентий, мехкарий гулбелла кху хазачу дийнахь шайн дайх дисина гIиллакхаш шайна девзийла а, шаьш уьш леладойла а хаийта. Бакъду дерриш а нийса ду ала а ца хIутту тхо, цундела культурин Советан декъашхоша тхан хаарийн мах хадориг хиларх а, оьшург хьоьхург хиларх а тешна ду тхо.
Хьешашка маршалла хIоттуш вистхилира районан администрацин куьйгалхочун 1-ра заместитель Алхастов ВахIид:
– Вайн Куьйгалхочун лехамца дIабоьдуш бу хIара беркате болх. Цуьнан бала кхаьчна, тхо долчу дахкарна, шуна Дела реза хуьлда Хожа-Ахьмад. КТО-н раж дIаяьккхинчу дийнахь хIара нисдалар а ларамаза дац. Вешан къоман дерг лелон, даржон вайна некъ белла де ду хIара. Тхаьш охIла дерг оха шуна а гойтур ду, тхан галдаьлларг аша нисдийр ду аьлла, тешна а ду тхо. Дала мукъ лахь, беркате тIаьхье йолуш хир ду вайн цхьаьнакхетар.
Гулбеллачаьрга вистхуьлуш, Культурин Советан куьйгалхочо, яздархочо, вевзачу къаночо Берсанов Хожа-Ахьмада йовзийтира шайн Iалашо:
– Суна къаьсттина хазахета Итум-Кхаьллахь хIара дика гIуллакх вовшахтоьхна. Сан бераллин башха масал, сан хьехархо, суна Iуналла дина а, тахане кхаччалц сан хьехамча хилла а лаьттина шун юьртахо, Даймехкан тIамехь 255-чу дошлойн полкан комиссар хилла волу Имадаев Мохьмад. Цуьнга болчу безамна, лерамна шуьца долу гергарло дезаш ву со.
Шуна ма-хаъара, дуьненан серло ган, самукъадала меттиг кIезиг йолуш, тезеташкара-тезеташка оьхуш ду вай. Ша жима велахь а оцу гIуллакхан ойла йина вайн паччахьо Кадыров Рамзана. Ша волчохь кхоьллинчу культурин Кхеташонна тIедиллина цо, интернето вайн кегийрхошна юккъехь яржош йолу эвхьазлонаш, юккъе йоьллина херонаш дIаяхархьама, баха а, Iен а безаш болу кегийрхой дуьненаюкъарчу мазанца а ца бевзаш, вайн дайн заманчохь санна, Iаьн тIехь хуьлучу синкъерамашкахь а, ткъа йовхачу хенахь арахь хуьлучу ловзаршкахь а вовшийн бовза таро йолу хьелаш кхоллар. ХIара шо «Культурин шо» аьлла дIакхайкхийна а хиларна, ткъа культурина юкъадогIург – муьлххачу а меттехь – чохь, арахь, доьзалехь, юкъараллехь, хьошалгIахь, диканехь, вонехь, кхечу махка вахнехь а ларон дезарг гIиллакх, оьздангалла хиларна, оцу агIор вайн культурин белхахой, кегийрхой, церан дай-наной самадаккхар Iалашо йолуш гIуллакх ду оха арадаьккхинарг. Къоман сибат ду духарца, леларца, буьйцучу маттаца, гIиллакхашца. Духар а хийцича, мотт а ца бийцича, гIиллакхах а воьхча, со нохчи ву ала меттиг ца юьсу, къам ца дуьсу. Кхечу къаьмнех дикаллица, оьздаллица, мостагIчуьнца а долчу къаьстинчу гIиллакхца къаьсташ долчу вайн къоман векалан- нохчичун бакъ сибат оьшу вайна.
Вайн дайн заманчохь а хазахетаран кхаъца деш хилла ловзар, синкъерам. Церан шайн кеп, низам хилла нохчийн къоман гIиллакхашца, амалца, сибатца догIуш. Кегийрхойн, мехкарийн, баккхийчийн самукъадаккха, тхайгара царна пайдехь дерг довзийта, сайца болчу накъостех а: Казаев Султанах, Абдулкеримов Адамах, Альтемиров Iаьрбих шуна дала беркат а долу дела, ишттачу гIуллакхах уьш а дика кхеташ болу дела, диканна масал гайта Iалашо йолуш даьхкина тхо. Дала тIаьхье беркате йойла вайн.
Итум-Кхаьллан культурин ЦIийнан директор Юбаев Асламбек ловзар лелош а волуш, инарлашна уллохь пондарча, вотанча а волуш, аьтто агIор кегийрхой а, аьрро агIор мехкарий а хевшина, дIахIоьттира ширачу Пхьакочан уьйтIахь ловзаран кеп. ТIедогIучу цхьаьнакхетарехь, ловзаргахь юьззина къоман форма йолуш кегий нах а, гIабалешца кечбелла мехкарий а болуш хила дезаран хьокъехь дерг элира Берсановс. Ткъа хIара дIахIоттам алссам синкъерамах тера хилар а къастийра цо.
Ловзар-синкъерам дIаболош, ша ЧIаьнтара схьаяьлла хиларе терра, ша кхузахь хьаша ца хеташ йолчу нохчийн халкъан артисткас Кагерманова Раисас маршалла хаьттира хьешашка, цул тIаьхьа цуьнан эшаре «Ломахь лекхна йиш» ладуьйгIира гулбеллачара.
Дуьххьара бал болош юкъавелира ЧIаьнтара «жимчохь дуьйна а дегIана тIахъаьлла а, хелхарна муьтIахь а волу» Дозурабов ИбрахIим. Байн ког шаршош, ловзарна гуо тосуш, шеца хелхайолучу йоьIан некъ маьрша буьтуш, инарлашна хьалха бохь бугIуш, башха хелха велира ИбрахIим.
Цул тIаьхьа Сулейманов Ахьмадан дешнаш тIехь «Iаьржа буьйса» илли дIаэлира Эльмурзаев Ахьмада. ИбрахIиман масаллица башха хелхарш дира кегийрхоша а, мехкарша а.
Нохчийн къоман гIиллакхех, церан галдовларан бахьанех, уьш дендаран гIуллакхех дерг дийцира С. Казаевс, А. Абдулкеримовс, I. Альтемировс.
Ловзар толуш кхечира «Нийсо-Дагестан» газетан редактор Якиев Iумар хьалха волу Хасу-Юьртара хьеший. Шега деллачу дашехь Iумара дийцира луларчу вежараллин республикехь долчу шайн Iер-дахарх лаьцна:
– Суьйлийн махкара баьхкина хьеший бу алар-м жимма ца тов тхуна, хIунда аьлча, сан да-нана а, со а кху ЧIаьнтара ду, тайпана чIаьнти а ву со. Дахаран хьелаша дIасакхиссина вай, амма мичхьа тхо хилча а тхаьш нохчи хилар дицдина лелаш а дац тхо, цунах дозалла ца деш а дац. Дела реза хуьлда шуна, тхуна тIедахка кху бухахь долуш.
Ловзар дерзош, Алхастов ВахIида лераман совгIат дира Берсановна – кхакханан куй.
Т.Саралиева








Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


21/04/2014 


Теги: 









