Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Гучум-Кхаьлла ехаш ю

Хууш ма-хиллара,‭ ‬тIаьххьара хиллачу тIемаша нилха яьхна вайн районера бахархой бехаш йолу ярташ.‭ ‬Царах ю Гучум-Кхаьлла а.‭ ‬Кхузахь дохоза дисина‭ ‬21‭ ‬цIа а,‭ ‬царна чохь бехаш‭ ‬90‭ ‬бахархой а бу.‭ ‬Болх беш‭ ‬ю юьртан администраци а,‭ ‬маьждиг а,‭ ‬школа а.‭ ‬КIезиг белахь а,‭ ‬уьш ворхI бен-м вац,‭ ‬дешархой а бу.‭
Кху‭ ‬деношкахь‭ ‬юьртарчу‭ ‬школехь‭ ‬дIадаьхьира‭ ‬районан‭ ‬администрацин‭ ‬белхахошца‭ ‬юьртахой‭ ‬цхьаьнакхетар.‭ ‬Гучум-Кхаьлларчу юьртахойн лаамаш а,‭ ‬церан эшамаш а бовза а,‭ ‬ницкъ кхочучу кепара царна гIо-накъосталла дан а йолчу‭ ‬Iалашонца хилира и цхьаьнакхетар.‭ ‬Бахархойн лаамаш массанхьа а берриг бара.‭ ‬Амма‭ ‬Гучум-Кхаьллара бахархой‭ ‬мелла а халочу хьолехь бохку ягоргана аьттонаш кIезиг хиларна.‭ ‬Цунна тIе тидам бахийтира юьртахоша.‭ ‬Кхузарчу яхархочо Мухтарова Падама шайгара хьал довзийтира,‭ ‬цул сов,‭ ‬цуьнан хаттар а дара районан куьйгаллига,‭ ‬карарчу‭ ‬2015-чу шарахь,‭ ‬Гучум-Кхаьлла газ ялоран гIуллакх тIаьхьа-хьалха даккхалур ду-дац‭?
Кхолладеллачу хаттарна жоп делира районан администрацин гIишлошъяран а,‭ ‬архитектурин а отделан хьаькама Махаев Юсупа.‭ ‬Шен къамелехь цо билгалдаьккхира,‭ ‬юьрта газ ялорна лерина администрацис‭ ‬проектно-сметни документаш кечдеш цхьа билггала болх бина хилар.‭ ‬Ала деза,‭ ‬халахеташ делахь а,‭ ‬карарчу хенахь районан бюджетехь тоъал финансаш цахиларна,‭ ‬юьрта газ ялоран гIуллакх кхушара цхьалха ца долуш дисина хилар.‭
Кхеташ ду,‭ ‬гучумкхаллахой‭ ‬Iемина бу‭ ‬Iай-аьхка а ягоргана цхьацца мадар ян.‭ ‬Кхушара а цхьа доьгIнарг ца дича а бевр бац уьш.‭ ‬Шайн юрт а,‭ ‬дай баьхна мохк а дукхабезарна бисина кхузахь цхьа кIеззиг болу юьртахой,‭ ‬дукхахберш шайн цхьацца аьттонаш лохуш гIала а,‭ ‬кхечу меттигашка а дIабахана.‭ ‬И дика девза районан администрацин куьйгалхошна.‭ ‬Цунна тIедоьгIна дара,‭ ‬администрацин куьйгалхочо Темирбулатов Хьамзата аьлларг а:
‭ – ‬Хууш ма-хиллара,‭ ‬вайн хIора а ярташкара схьабевлла дуьненан аьттонаш болу нах.‭ ‬Цхьа генара доккха хьал а оьшур дацара Гучум-Кхаьлла газ яло.‭ ‬Оцу аьттонаш болчу нахалахь и гIуллакх,‭ ‬Дела дуьхьа дийр долуш верг ваьлча,‭ ‬боккха мел хир болуш а,‭ ‬адамашна аьттонаш кхуллур болуш а гIуллакх дара.‭ ‬Кхушара аьтто ца нислахь а,‭ ‬районан куьйгалло а тергамза дуьтур дац юьрта газ ялоран гIуллакх.‭ ‬Ницкъ кхочучу кепара цхьа аьтто нисбан хьовсур ду.‭
Л.Далилова‭ ‬
chechnya-itumkali1

chechnya-itumkali5

chechnya-itumkali4

chechnya-itumkali3

chechnya-itumkali2

You can leave a response, or trackback from your own site.

Добавить сообщение

Введити сумму: *

Чечня