ДIадаханчу пIераскана дийнахь Кхокхадахь цхьаьнакхийтира Итон-Кхаьллан районан администрацин куьйгалхой а, оцу юьртан бахархой а. Цаьрца цхьаьнакхета а, церан ойланаш, лазамаш бовза а баьхкинера районан администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель волу Алхастов ВахIид а, депутатийн советан председатель Зулаев Хьамид а, ОГ ВОГО-н Чоьхьарчу гIуллакхийн ханна йолчу отделан хьаькам Черкашин Сергей а. Иштта кхузахь бара районан цхьацца йолчу учрежденийн, организацийн, ведомствийн векалш а. Цхьанакхетар дIадолош, маршаллин дош олуш вистхиллачу В.Алхастовс билгалдаьккхира:
– Вайн тIаьххьара хиллачу цхьаьнакхетарехь, 27-чу февралехь, шун юьртахочун Юсупов Лечин лаам бевзира вайна. ОАО «Межрегионгазе» дехар дара цуьнан Итон-Кхаьллан районехула газ ягорна ял яла езачу терахьашца болх бан цхьа белхахо къастор. Схьахетарехь, вай хьалха а билгалдаьккхира и гIуллакх, хIара масех шо ду Шуьйтарчу «Межрегионгазан» векалша вай вешан телефонехула и терахьаш дIадахьийтичхьана, тоьуш. Цунах дукхахболчарна гIуллакх хилла, цунна вай дерриш а Iамадеза.
– Газ хилар доккха гIуллакх ца хеташ дац тхо, – элира юьртахочо Аюпов Сайдана, – цо тхан дахар дикка аттача даьккхина, амма мелла а мах лахара хилча, товр долуш дара. И къамел дIадерзош, В.Алхастовс билгалдаьккхира, бахархойх хIорамма а ша ягийначу ягоргах болу мах дIа ца белча, таханлера терахьаш хазахетар кIезиг дохьуш ду, хIунда аьлча ерриг республикехула лерича 9 миллиард декхар хилар товш дац.
– Газ а, ток а, вай туькнара оьцуш долу муьлхха а товар санна, шех мах бала езаш ю. Вайна и «товар» латточу нехан белхан ял дIаяла таро ца хуьлу, вайх хIорамма а вешан декхар дIа ца делча. Вай дукха а дац, дерриш а вовшашна девзаш а ду, декхарш цахилийтар дехар дара сан. Цул сов, вайн лаам царна бевзина. Бакъдерг аьлча, массанхьа а санна, кризис хиларна, гIоьртина ду шайна аьлла жоп делла цара. Цундела, хала делахь а, долчух тоам беш а, собарца а хила деза вай, – билгалдаьккхира В.Алхастовс.
Юьртарчу культурин цIийнан директора Мусаева Седас а дийцира, ша бечу белхан кIезиг аьттонаш болуш хилар. Иза доьзна ду хьакъдоллучу кепара кегийрхошца, берашца исбаьхьаллин болх дIабахьа таро йолуш меттиг цахиларх. Юьртарчу культурин цIенна лерина цхьа бегIийла чоь къастор дийхира цо.
Юьртан администрацин куьйгалхочо Адашев Мовсара довзийтира и гIуллакх ша тергаме эцна хилар.
КхидIа а цхьаьнакхетар дIахьош, В.Алхастовс билгалдаьккхира, республикин Куьйгалхочун Протоколан тIедиллар кхочушдарна оьшуш долу, районерчу 29 учрежденис билгалйинчу хенахь ЦЗН-на оьшу терахьаш дIадала дезар оцу учрежденийн куьйгалхойн декхар хилар.
Т. Алиева








Календарь памятных дат
военной истории России

Административные регламенты


09/06/2015 

Теги: 









