Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Москвара хьеший лаьмнашкахь

Нохчийн Республикехь контртеррористически операцин раж дIаяккхарна лерина доттаг1аллин спортивни къовсадаларшкахь дакъалоцуш бара Москвара «Шаболовка» дзю-до спортивни клубан декъашхой.
Нохчийчоьнан пачхьенехь уьш лерамца тIелаьцна а, къовсадаларш дIадирзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIала гойтуш царна хьошалла деш а хьаьвзира Шахгириев Аслана куьйгалла ден гIалин «Эдельвейс» клубан декъашхой. Аслана дийцарехь, тIеман хиламехь йохийна гIала ишттачу башхачу гIишлошца денъяларх цецбевллера хьеший. Спортсменашна хIора а гIишлох лаьцна дийцина ца Iийра «эдельвейсахой», нохчийн къоман гIиллакхаш а довзийтира цара хьешашна. Церан лаам кхочушбеш Нохчийн лаьмнашка а баьхкинера уьш.
Хьешашца цхьаьна бара Нохчийн Республикин дзю-дон Федерацин вице-премьер Данаев Ахьмад а, Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийски» спорткомплексан директор Данаев Мохьмад а.
Итум-Кхаьллан башхачу Iаламах а, лаьмнех а, кхузарчу дог цIеначу нахах а боккха кхаъ хиллера Москварчу хьешашна.
«Пхьакоч» музей уьш кхаьчча, кхузахь д1ахьош дара КТО-н раж дIаяккхарна лерина даздарш. Цуьнан дакъалацархой а хилира уьш. Нохчийн гIиллакхех а, ловзарех а лаьцна шаьш дийцинарг Итум-Кхаьллахь тIечIагIдан таро хиларх сакъераделла бара «Эдельвейсан» куьйгалхой.
Музейн директора Рахмаева ПетIамата тIеман а, гIаролан а, Iер-дахаран а бIаьвнех лаьттачу «Пхьакоч» музейх а, цуьнан историх а, иза цIарах йолчу Исаев Хьусейнан дахарх а лаьцна дийцира хьешашна. Арара исбаьхьаллаш евзинчул т1аьхьа музейн чоьнаш евзира хьешашна. Нохчийн халкъан 1ер-дахаран шираллин г1ирсаш а, духарш а девзира царна. Исаев Хьуьсейнан госсекретарь волуш хилла йолчу кабинете а, цуьнан хиллачу х1умнашка а хьаьвсира уьш.
– Цхьана дийнахь кхалхар хилира нохчийн къоман хьовха, ерриг Россин а къонахчу шина к1ентан, – дийцира Рахмаевас, – Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, пачхьалкхан белхахо, госсекретарь хиллачу Исаев Хьуьсейнан а. Ала деза, Россин таханехь цаьрга кхочуш, ша нисса бацахь патриоташ бац. Шайн жимчу къоман а, Даймехкан а турпалхой хилла ца 1ийна уьш, ерриг Россина а, цуьнан кхерамзаллина а шайн дахарш д1аделла ши къонах вара и шиъ.
Хьешийн кхолладеллачу алссамчу хаттаршна жоьпаш делира Рахмаевас.
Т.Саралиева

You can leave a response, or trackback from your own site.

Добавить сообщение

Введити сумму: *

Чечня